Лахьан-бутт чекхболуш ФСБ-н белхахоша лаьцна ГӀалгӀайчохь имам Дзейтов Назир. Цуьнгахь тапча а, патармаш а карийна боху царна. Дукха хан йоццуш ницкъахоша зорбане даьккхира динан дайца хилла къамел. "ГӀалгӀайчоьнан йозуш йоцчу пачхьалкхийн комитетан" куьйгалхочуьнца шен хиллачу зӀенах лаьцна дуьйцу цо. Оцу боламан жигархоша дӀахьедина, Дзейтовна тӀехь Ӏазап латтош хилла аьлла. Иза хӀинцале а кхоалгӀа ву тӀаьххьарчу беттанашкахь низамхоша лаьцна гӀалгӀайн имам. Тхан сайто къастийра, хӀун бехк болуш тIаьхьабевлла царна.
Малгобекерчу маьждиган имам ву 31 шо долу Дзейтов Назир. Иза лаьцна хиларх дуьххьара хаам бира "гӀалгӀайн суверенитетан комитето (КИН). ТӀаьхьо и информаци тӀечӀагӀйира ницкъаллин структурашца йоьзна йолчу "Сапа Кавказ" телеграм-канало а. Дийцарехь, ФСБ-га информаци кхаьчна боху, хьехамчас бакъо йоцуш патармаш а, герз а латтош хилла аьлла.ТIаьхьо Макаровн тапча а, 7 патарма а карийнера, боху, цуьнан хӀусамехь.
"Фортанго" йаздарехь, кхерамазаллин ницкъашна хаам кхаьчна "семачу бахархошкара". ЦӀе ца йоккхучу "Сапан" хьостанаша дIахьедира, Дзейтов "доттагӀаллин уьйраш йолуш вара" Наьсарера имамашца Тамасханов Мохьмад-Баширца а, Карабулакера Султыгов Мохьмадца а - уьш лийцира аьхка, 2023-чу шарахь ницкъаллин структурашна тӀелатарш динчаьрца уьйраш хиларна шеко йолуш.
Оьрсийчоьнан Ӏедалш сецон гIерта "эккхийтарш" дар
Изза гӀуллакх карладаьккхира дозанал арахьарчу гӀалгӀайн жигархоша а. Цара Дзейтов лацарх республикехь "исламан хьехамчашна Ӏалашонца тӀеӀаткъам бар ду" аьлла, дӀахьедира, имам ФСБ-н гӀишлон чохь хьийзош ву цуьнгара шайна "оьшуш долу мукӀарлонаш дайта" аьлла. Цу хьокъехь комментари ца йина лерринчу сервисо. Динан дай дӀалацарх лаьцна официалан хаам бацара.
Мангал-беттан 6-чу дийнахь хиира кхело Дзейтов цхьана баттана цӀахь лаьцна латтош хилар, низамехь доцуш герз лелорна бехктакхаман гӀуллакхехула. Кхин а цхьа кӀира ах кӀира даьлча, ницкъаллийн структурашца йоьзна йолчу "Розыск Ингушетия" телеграм-канало зорбане йаьккхира, хетарехь, имам лаьцна дукха хан йалале дIайазйина видео. Цу тIехь Дзейтовс дуьйцу, "ГӀалгӀайчоьнан йозуш цахиларан комитетан" куьйгалхочуьнца ГӀаркхо Ансарца зӀе латтийна ша бохуш. И болам кхоьллина 2023-чу шеран дечкен-баттахь; Оьрсийчохь иза юкъайаьккхина "арахьарчу агентийн" а, "товш йоцчу организацийн" а реестрашка, ткъа иштта Росфинмониторинган террорхойн а, экстремистийн а тептаре.
Дзейтов СаӀуда Ӏаьрбийчоьнан Мединатера исламан университет чекхъяьккхина ву. Ша лацале хьалха социалан машанашкахь жигара вара иза. Имамо хьехамийн дӀайаздарш зорбане даьхначу инстаграмехь 20 эзар гергга стаг ву цуьнан агIонга йазвелла. XIII-XIV бӀешерашкахь хиллачу исламан теологан сий деш цо Абу Таймийн аьлла цӀе лелайо шен ник санна. И бахьана долуш Дзейтов салафизман агӀонча санна тIеоьцу, цундела дукха хьолахь ницкъаллин структурийн тидам тӀебоьду цунна.
Цунна тӀе тидам бохуьйтуш ву ГӀалгӀайчуьра нохчийн орамаш долу блогер Белокиев Ислам а. Цунна хетарехь, дукха хенахь дуьйна федералан Ӏедалш шайн Ӏуналлехь латто гӀерта шаьш салафизман мурдаш лору нах. Амма цхьаберш хье ца бо, ткъа вуьйш шайгара бахьанаш а кхуллуш, хьийзош бу, билгалдоккху къамелдечо.
Шайн санна хьежамаш боцу имамаш бале лоцу цара
"ГӀалгӀайчохь хьехамча ву Чумаков Хьамзат. Иза республикехь уггаре а авторитет йолчу имамех цхьаъ ву. Ӏедалан цхьа а проблема йац цуьнца. Цунна бакъо ло федералан центрах хьакхалуш йоцу критика йан, ткъа цуо халкъана гергахь кхин тIе а гIаравоккху иза. Меттигерчу кхерамазаллин ницкъаша контролан система йина нисйина йу, Чумаковн салафите болу хьежамех Ӏедална муьтӀахь хиларан гайтам хуьлу", - бохуш, кхетадо Белокиевс.
КИН-ан куьйгалхочо ГӀаркхо Ансара тхан редакцица хиллачу къамелехь тӀечӀагӀдира республикера ницкъаллин структураш цуьнан цӀарца салафитийн имамашна гӀело йан гӀерташ хилар.
"Лецначу массеран а телефонаш чохь, ишта Дзейтовгахь а, сан телефон карайо царна. Цара соьга церан цӀарах йаздо, бертаза орца доьхуш хаамаш кхоьхьуьйту. Со оцу нахаца зӀенехь цахиларх а, дуьйцучунна а тIаьхьакхуьуш воцийхиъча, цхьацца питане хӀуманаш кхехьийта буьйлало уьш", - боху Белокиевс.
Цо дийцарехь, цуьнга иштта телефон тоьхна хилла Дзейтовн номерехула а: "Ансар, сихонца соьца зӀене валахьа, тхан жамаIатера нах лецна. Цунна ас жоп делира: "Со ца кхета ахь дуьйцучух, хьо мила ву?" Тхо зӀенехь доций а, тхо вовшийн девзаш ца хиллий а цуьнга и дайтинчунна дIахиъча, цул тӀаьхьа дастаме къамелаш дан буьйлабелира. Цо соьга диллина йаздира: "Карарчу хенахь цхьа а бахьана доцуш хьийзош ву Назир. ХӀунда аьлча, суна чIогIа там хуьлу, хьан цунна цхьана а кепара гӀо дан йиш ца хиларна", - дийцира ГIаркхос (КР-н редакцехь цу къамелан скриншоташ йац – Ред.).
Официалехь йоцчу версица, ГӀалгӀайчохь имамаш лецар доьзна ду меттигера кхерамазаллин ницкъаш КИН-н агӀончаш ши шо хьалха хиллачу цхьа могӀа герзашца дина хиллачу тӀелатаршца буоза гӀортарца. Ткъа салафизман мурдаш бу уггаре а хьалха церан Iалашо хин йерш.
Билгалдаккхар. 2023-чу шеран зазадокху-беттан 23-чу буса Къилбаседа ХIирийчоьнан дозанера полицин постана тIе герзаш диттинера. Шина полисхочунна чевнаш йира. Охан-баттахь Малгобекан кIоштахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахошна герзаш диттира, цхьа ницкъахо лаза а веш. Охан-беттан 5-6-чу деношкахь буьйсанна рогӀера герзаш диттира оццу кӀоштарчу Зязиков-Юьртахь – вийнера кхо полисхо, кхин а 8 чевнаш йира. Оханан-беттан 15-чу дийнахь ГӀалгӀайчоьнан Ӏедалша дӀакхайкхийра шеконашца 4 стаг вийна шаьш аьлла. Царлахь хиллера цу тобанан хьалханча хилла волу Гуражев Iамирхан а. Кхин цхьа леррина операци хилира Карабулакехь стохка зазадокху-баттахь – кхерамазаллин ницкъаша хаам бира 2023-чу шарахь оццу тӀелатаршкахь дакъалаьцнарш байарх лаьцна, хӀетахь дуьйна ГӀалгӀайчохь кест-кеста лоьцуш бу "Гуражевн тобанан" декъашхошца уьйраш хилла аьлла шеко йолу нах.
Ши шо хьалха динчу тӀелатаршца уьйраш хиларна шеконаш йу бIаьста лецначу имамах Тамасхановх а, Султыговх а, боху официалан доцчу хьостанаша. Царна хууш хиллера боху Гуражевн а, цуьнан накъостийн а Iалашонех, хIетте а полице дIахаийтина ца хилла. Иштта цу тобанца дийцаре дина хилла боху, сагӀина гулдеш ду а бохуш, тобана ахча гулдарх лаьцна а.
Цул тӀаьхьа дӀахецнера Тамасханов а, Султыгов а. Амма юха а оханан-баттахь ГӀалгӀайчуьра динан а, юкъараллин а дгIуллакхдархойн тобано дӀахьедира, кхерамазаллин ницкъаша имамашка "низамехь доцу хеттарш даран кепаш" лелийна аьлла. Ткъа и царна тIаьхьабовлар дуьйзира салафизман векалшна тӀеӀаткъам барца.
Цхьана мIаьргонах пайда а эцна, салафиташа гIаттам бан тарло
ГIаркххочунна хетарехь, хьолана тIехь контрол латто таро йац Iедалхойн, цундела кара мел веънарг лоцу цара.
"Оьрсийчохь, ахь хьайн хетарг диллина дIа ца алахь а, экстремист лара мегар ду хьо. Цундела ницкъ беш бу шайна реза боцуш хила тарлучу имамашна. Йоха новкъайаьлла Оьрсийчоь, шен ницкъ болччуьра, шайна дуьхьал бовла тарлуш беш, маршонехьа гIерта нах новкъара баха хьийза, - бохура КИН-ан куьйгалхочо.
Цо аьллачунна тIетов Белокиев а: цунна хетарехь, Украинана дуьхьал тӀом боьдучу хьелашкахь Кремло кхин а тIехьовзош йу винташ, цундела муьлххачу а муьтIахь боцчу имамашна хаддаза тӀеӀаткъам бо.
"Мацца хилла а, Москван гIалгIайн салафизмех кхерарх бахьана дер ду дуккха а нах леца. Цкъачунна шайн контролехь латтон гIерта уьш царна тIехь Iуналла дар. Къаьсттина Малхбузенца хила тарлучу дуьненаюкъарчу конфликтан хьелашкахь - ишттачу хьолехь салафийташа пайдаэца тарло цхьана мIаьргонех, шайн маршонехьа гIаттам ойбуш. ТIаккха цхьана а Чумаковс гӀо дийр дац Москвана" - аьлла, дерзийра къамелхочо.
- Украинана буьззинчу барамехь тӀелатар дан долийчахьана Къилбаседа Кавказан регионаш хаддаза федералан а, дуьненаюкъарчу а скандалашна йуккъехь нисло. Стенца доьзна ду регионехь хьал дестар, дуьйций-те цунах лаьцна ницкъахоша шайлахь, хӀун дакъа лоцу цу тӀехь официалан муфтияташа? Кавказ.Реалии редакцин журналисташа цу хьокъехь къамел дира исламан Ӏилманчаца, политологца Мухаметов Ринатца.
- Оьрсийчоьнан къаьмнийн гӀуллакхашкахула йолчу Федералан агенталло дӀахьедина, Дагестанера дуьйлина лаьтта хьал тIехдаха герга ду аьлла, иштта билгалдаьккхина "исламизаци ачIагIлуш хилар", иза республикан муфтиятан тӀеӀаткъамца а дузуш. Цуьнца цхьаьна регионерчу бусулба нехан синан урхалло дуккха а шерашкахь йеккъа цхьана Ӏедалехьа йолу позици йу дӀалаьцна латтош, билгалдоккху эксперташа.