Масала фаранцойн «Пари-матч» газетехь цо «эхье шераш» дагалоцуш аьлла хIара дешнаш: «ТIаьхьарчу шерашкахь Нохчийчоьнан лаьтта тIехь вайна тергалделла оьрсийн къомана а,оьрсийн мотт буьйцучарна а тIехь шуьйрачу маьIнехь лелийна геноцид.Халахеташ делахь а массара а тергамза дитира и бакъдерг».
Ша и а кхин президентан алар-дIахьедарш талламхочуьнан кара дIаделира бах Алкнис Виктора.Вуьшта аьлчи и бохург ду ша шеггара лелош хIума а дац ,ша юьхьарлаьцнарг а,гIортор йинарг а Путинан дешнаш ду бохург.
И дешнаш хьенна делахь а,вайнаха кхеторехь,Нохчийчохь оьрсийн байа а байина,цаьргхь вуно чIогIа гIело а яллийна бохуш и гIуллакх кIамдеш вверг Алкнис а и саннарш а бу. Бегашена а хьаха ца бо эзарнашкахь байина а,доьза байна а нохчий.Алкнис дуьйцучух а,кхузахь гинчух а сан къамел хилла Соьлжа-гIаларчу тергамхочуьнца ,историкца Бетризов Русланца.Алкнис Виктора деш долу арз-дIахьедар барзо уьстагIашна леткъам бар санна туьду Руслана.
Алкнис Виктор санна мотт-эладитане политика юхьар а лаьцна къаьмнашна юкъа сим туьйсуш леларш жоьпе ийзо беза аьлла тешна берш кхузахь кIезиг бац.Иштачех цхьаъ ывара соьца къамел дина тергамча-историк Бетризов Руслан.