Йаккхий харжаш йен ловзарш: ламаст ду йа хьовзам бу?

Соьлжа-ГIала. Архивера сурт

ТIаьххьарчу шерашкахь нохчийн Iедалхой тIетаьIIина хьийза зуда йалийначу ловзаршкахь Iадаташна херабовларна тIехь шайн терго латто. Оцу Iалашонца 2023-чу шарахь махкара муфтиято билгалйехира: регионехь "тойнаш хIитторан бакъонаш". Дихкира нохчийн Iадаташца догIуш доцу муьлхха а совнах долу хIуманаш а, керла йукъадаьхна гIиллакхаш а. БIе шерашшкахь дайша лардина зуда йалоран а, йоI маре йахийтаран а гIиллакхаш муха хийцаделла, цхьадолу ламасташ "маьIна доцуш" хIунда ду а дуьйцу кху материалехь.

Кху заманан Нохчийчохь хIинца а ловзарш хIиттадо йаккхий харжаш йеш, бIенашкахь хьеший гулбой, деза совгIаташ дIаса а доькъуш. Оцу модех хьовзам хуьлу доьзалашна шерашкахь гулдинарг цзьана дийнахь охьа дуьллуш, дукха а меттигашкахь кIентан а, йоьIан а дайшна-наношна тIаьхьенна такха даккхий кредиташ а дуьтуш. Оцу кепара барамаш йукъа бахарна кегийчу наха дIатоьтту зуда йалон хан аьтто боцуш.

"Шайн кисане хьажжий" дерзаде той бохуш, бахархошка кхайкхамаш бечу Нохчийчоьнан муфтиято йукъадехира зуда йалочохь лело деза низамаш. Цара дихкира "муьлхха а совнах долу, исламца а, нохчийн Iадаташца а догIуш доцу" хIуманаш. Къастийначу могIарехь билгалдаьккхина дара деза совгIаташ дехкар, масала, "бриллиантан мухIарш, кетарш, техника, петарш, машенаш". Iедалхоша дIахьедарехь, "аьлчхьана бен ца хета" муьлха низамаш ду дуьйцурш, хаа йиш йу цхьажимма ширачу заманахь зуда йерзоран гIиллакхаш листича.

Нохчийн тоххарлера ловзарш

Зудаберана дас-нанас жимчохь дуьйна гулдора рицкъ, хIетахь чамданийн метта цхьа тIорказ хьош Iедал дара. Цу чу йуьллура нускална оьуш мел йолу бедар, мотт, тегарш ден бохча, мардена мотт-йургIа, марнанна коч, кхечу цIийнах мел волчунна а цхьаьна совгIаташ а. Маре йахначул тIаьхьа тIорказ чохь дIахIоттийна латтадора йийбар санна.

ЙоIах бохьу там бара: хIиндойн чай, шекаран гали, устагI, йа пухIанан бой. Урдона йоIана луш долу ахча церан тароне хьаьжжина хуьлура. ДенцIара дIайуьгура йоI, ткъа ширачу ламасташца, кIиранах йосийна йуьтура кIентан марехь йолу йиша йолчахь, йа дейиша, йа дешичой болчахь. И йоI оцу керлачу цIийнах а, марзхойх а дIайолийта Iалашонца лелош дара и Iадат. Шоьтан дийнахь досийначуьра шен хIусаме дIадуьгура нускал, цигахь шина дийнахь ловзар хуьлура.

Маре йоьдучу йоIа шеца цхьана шина денна тIейуху бедар бен ца хьора, кхозлагIчу дийнахь чуьра нус, йа жимахйолу йиша йоьдура, цунна оьшург хьош. Боллу шен бахам дIахьора цо денцIа йеанчуьра дIайоьдуш.

Цхьан хан йаьллачу заманчохь йоьIан цIерачара хьошалгIа кхойкхура нуц а, шайн йоьIан марда, марнана а. Цара вошашна шайн тароне хьаьжжина совгIаташ дора: невцана – дато мухIар, иза вуьгуш бахначу цуьнан доттагIашна кучамаш лора, зударшна – кIадеш.

Нохчийчохь таханлера ловзарш

Ширчу заманахь йоIана луш хиллачу бахамах къаьсташ бу тахана цунна вовшахтухург. Доккха цхьа тIоркIазан метта тахана модехь йу иттех сов чамданаш а, иштта оццу барамашкахь тIорказаш а. Дукхахдолчу зудабераша туьканашкахь ханна мах лой хьош ду тIорказаш а, чамданаш а, масех де даьлча уьш йуха хьой, дIало.

Нускалан 2015-чу шарахь хилла бахам

Оцу чамданаш чохь а, тIорказаш чохь а хила йеза Iаьнан, бIаьстенан, аьхкенан, гуьйренан заманашкхаь лело бедарш, пхьегIаш, техника, иштта дуккха а кхинйерг а. Ша маре йоьдучу дийнахь и боллу бахам дIахьо йоIа шеца цхьаьна. Тоххара шен денцIара зудабер маре даха арадолура, и ков-керт мел тиша делахь а, тахана Соьлжа-ГIалахь оцу Iалашонна аьлла леррина цIенош лоьцу нускал арадаккха. Цхьана денна мах ло цунах 50 эзар соьмана тIера 200 эхарна тIекхаччалц.

Маре дахачу зудаберах 80 эзар сом ло, марехь хиллачух 60 эзар

Йеххачу заманчохь томан мах бара 50 эзар сом. Ши шо хьалха махкарчу Динан урхалло хьесап дира, бахархойн хьелашка хьаьжжина, цуьнан барам лакхабаккха - маре дахазчу зудаберах 80 эзар сом ло, марехь хиллачух 60 эзар аьлла.

Нускал дIадига баьхкинчара йоьIан пIелгах дуьллу бриллиантан мухIар, ткъа нускало шеца зезагийн курс а, иштта дезачух мухIар а хьо шен хинйолчу марнанна аьлла. Кеп-кепара совгIаташ далар нисло цу дийнахь – кетарна тIера, марненан хIусамера статус билгалйоккхуш, дашо коьртах буьллучу хIазаре кхаччалц. Ткъа невцо стунцхой болчу веанчу заманчохь, ша хIума кхаьллина ваьлча, бошхепа буха дуьллу шен тароне хьаьжжина ахча, 100 долларна тIера эзаре кхаччалц. Ткъа цунна дуьхьал невцана ло деза сахьт 50 эзарна тIера мах болу, йа тIаьххьара йукъа йаьлла телевизор ло, машен йелла меттигаш а бу.

ДенцIара дIайоьду йоI, 2015 шо

Нускал шен хинволчу хIусамден керта м-кхоччура, Iадаташца а догIуш, цуьнан кара ло жима бер, дукха хьолахь божабер хуьул иза – цуьнан маьIна ду, оцу йоIа шайн хIу дебийта лаар. Нускало цу беран кара ло 100 доллар, йа пхи эазр сом. Ишта лелаш ламаст ду, цуьнца а догIуш, той дирзинчу суьйранна нускалан маьрйишас, йа иза йацахь кхечу уллорчу гергарчо йосту цуьнан чамданаш, йа тIорказаш. ТIеххула диллина хуьлу цунна лерина совгIат, тоххара кучана аьлла кIади хуьлура йиллина, ткъа хIинца деза совгIат хила деза – дашо чIуг, масала.

Нускалан караделла бер

Зуда йалочу кIентан гергарчарна а дукха харж хуьлуш де ду и, йоьIан гергарчарна хуьлучул а алсам ала мегар долуш. Там, нускал схьакхетош даьхкинчу зудаберашна совгIаташ, ловзар хIоттон хIусам лацар, нускал схьадалон йохуьйтучу машенийн ковра вовшахтохар, оцу тойне артисташ балор, ловзар дIахьон стаг, ресторанехь йуург-мерг. Нускал арадоккхучу хенахь неI лаьцначунна луш дерг а кIезиг ахча ца хуьлу.

Тоххара нускална цхьа гIабали тоьаш йара, хIинцалерачу модица – коч шиъ хила йеза: европхойн стилехь а, къоман кепехь а. Хьалхарчу кучан мах хуьлу 120 эзарна тIера 900 эзар соьме гергга. Кучаца цхьаьна луш йу тахана масех денна лело чамданаш а, тIорказаш а, нускална аьлла зезагийн курс, совгIаташ кечдеш, дIанисдар а хуьлу цу йукъа догIуш. Ткъа нохчийн къоман гIабалин мах бу – 80 эзарна тIера 500 эзаре кхаччалц.

Нохчийн нускал, 2015 шо

Нускал дIадерзон цхьана денна аьлла лоцучу ресторанан мах боьзна хуьлу дуккхаъчу хIуманех: цуьнан йоккха -жима хиларх, локацих, хьешийн терахьаллех а. Соьлжа-ГIаларчу нускал дIадерзон лоцучу хIусаман мах 150 тIера 600 эзар соьме гергга бу.

Шина а агIоно керла доьзал вовшахтухуш дойучу ахчанан барам шина миллионе гергга хуьлу. Таро йолчу наха-м кхин а алсам ахча дойу.

МахIар – проблема йу, йа нускална хенан йохалла оьшург ду?

Керла йукъадаьккхинчех ду кхин а цхьа хIума – махIар. Иза там-мах бечу хенахь хинволчу хIусамдас шен хинйолчу зудчунна билгалдоккху ахча, йа бахам бу. Цунах лаьцна хеттарш тIаьххьарчу шерашкахь чIогIа дийца даьхна. Хьалха заманахь Нохчийчохь зуда йалочу кIанта урдо лора. И ахча йоьIан дега-нене дIакхачош дара, цунах а цунна оьшург оьцура.

Урдон барам а тайп-тайпана бара, муфтият дукха хьийзира цунна доза тоха. Доцца аьлча, културехь даха дисина Iадат дара и: ахчано доьзалан хьашташ дерзайора, оцу маре йоьдучу йоIана кара луш дацара. Ткъа махIар билггал оцу зудчунна кхачош ду, цо шена луъург до цунах.

МахIаро и зуда Iалашйо, цуьнан маре кхане йолуш хуьлуьйту

МахIар – иза оцу йоIана кхачон рицкъ ду, кхана-лама хIуъа Iотталахь а, йа цхьа ког шершина хIума нислахь а: йа марера йухур иза, йа йисина йогIур, билгалдоккху шен къамелехь Нохчийчуьра социолого, шен цIе къайлайахьар а доьхуш.

"Тахана нускалан урдо деха а, махIарна цхьаъ йеха а бакъо йу. ХIинцца бен хиъна дац зудаберашна махIарна цхьаъ йеха шайн бакъо йуйла. Тоххара цара тоуьйтура, масала, ламазан жима куз белча, йа хурма йелча. Амма тахана дикка механа йеза хIума тIейожош Iедал ду. Хила тарло и петар, машен, йа шортта ахча. Патриархалан йукъараллехь зударий эгIаза синош хиларе терра, махIар царна Iаламат чIогIа дика тIетовжийла хуьлу", - кхетадо социолого.

Амма цу шина адамна йукъахь там-мах барна дуьхьало махIарх хиллехь, цунах проблема хуьлу, билгалдоккху къамелдечо: "Оцу кIентан дала таро йоцу ахча зудабераша доьхуш меттиг а нисло. ТIаккха и доьзал кхоллар цхьана ханна дIататта декхаре хуьлу. Зудчо лаккхара мах олу, амма жим-жима, вошахкхеттачул тIаьхьа бен и такха цуьнан ницкъ ца кхочу", - тIетуьйхира цо.

Алсам харж хьан йо?

Исламан бакъонехь "исраф" олуш цхьа кхетам бу, и бохург хIун ду аьлча, кхоам бацар бохург ду. И "доккха къа" ду, цундела чIогIа оьшуш ду муьлххачу а гIуллакхехь, ишта зуда йалочу заманчохь а, эвсара и гIуллакх дерзор, листар, бохуш кхетийра Нохчийчуьра Iеламчас. Оьрсийчохь лелаш таIзарш ден керла низамаш хиларна, ца хIутту тхо цуьнан цIе йаккха.

Цо бахарехь, зуда йалош йукъадаьхна керла хIуманаш оьшуш ду уггар хьалха ресторанийн а, банкетийн хIусамийн а долахошна, ишта оцу тойнехь тамада олучу нахана а: "Кхузара дIа ду и: мила тоьла харж йарехь, боху къовсадалар. Зуда йалочунна а, йоI маре йохуьйтучунна а чIагIа йаккхий харжаш йу уьш. Мехкан муфтиято шога доьхку и деза совгIаташ дIасадалар, барам боцу чамданаш а, тIорказаш а вовшахдеттар, Iадаташна догIуш мел доцург а. Амма нах къар ца ло".

Ресторанашкахь нускалш дерзор, европхойн кепехь суьрташ, видеош йахар а, камера хьалха а хIоьттина, йоI арайоккхучу минотехь йоьлух сурт а хIиттош, йоIана хьехарш дар а, марнанна деза совгIаташ кхийдор а аьттехьа а "магийта йиш йоцург ду" бохура Iеламчас.

Доьзалан мехалла билгал йоккхуш йац мел адам дара цигахь, йа дешина мел харж йина бохучу хьесапехь

Историн Iилманийн кандидатна, Нохчийчуьра Iилманан Академихь цхьана заманчохь болх бинчунна хетарехь, Iедало хьийзо кхерам латтарна, цIе йоккхийла дац тхан, ламасташ ца хийцалойла а йац: "Муьлхха а Iадат цхьана хенахь цхьа маьIна долуш лелла ду. Адамаша шайггара кхоьллина ма дац уьш, уьш гучудуьйлуш хилла оцу адамийн дахаран хотIе хьаьжжина, церан хьелашка хьаьжжина. Амма дахар хийцало, цундела Iадаташ а ца хийцадала йиш йац. Цхьадерш даха дуьсу, йа шайн кеп хуьйцу цара. ХIаъ, тоххара, советан заманахь, йа цул а хьалха, дуккхаъчу нехан Iер-дахар, таронаш цхьатерра йара. Цундела зуда йалор, йерзор а цхьана кепехь дара. Тахана бахархошна йукъахь йоккха херо йу, цундела "массара а санна той хIоттор" боху кхетам болуш бу. Цкъацкъа муфтият гIурту хьал цхьана тIегIанехь нисдан: томана луш долчунна а, доькъучу совгIаташна тIехь низам латтон".

Шен хинволчу хIусамден керта кхаьчна нускал

Талламчана хетарехь, иза вуно дика барам бу, амма билггал хьал хуьйцур дерг оцу нехан шайн кхетам бу: доьзалан мехалла билгал йоккхуш йац мел адам дара цигахь, йа дешина мел харж йина бохучу хьесапехь.

"И ламасташ, Iадаташ хийца ца луш диса деза аьлла йац сан ойла. МаьIне дерш дита деза, уьш оьшуш ду. Ишта йукъахь ду цхьа "исбаьхьа", амма чулацам боцурш а. Уьш а лардеш дита мегар ду. Амма адаман дахар чолхе доккхучу ламасташа ницкъбо, цхьаалла ца гойту, суна хетарехь, уьш дита дезара. ХIунда аьлча, бахархойн дахар аттачу даккха аьтто хилча, аттачу даккха деза", - аьлла хета цунна.

Тахана Нохчийчохь дукха ахча дIадоьду барам боцуш дукха болчу гергарчу нахана совгIаташ оьцуш, оцу керла кхоллабеллачу доьзална хьашташ хIитта ца до цунах, кхин дIа дуьйцура цо. Кхузахь хьехош дерш дац цхьа кIез-мезиг хIуманаш, дикка киса дасон хIуманаш ду: аьр вай, хинйолчу марнанна бIенашкахь евро мах болу совгIаташ далар. Ткъа и санна болу гергарнаш ма хуьлу иттанашкахь.

"МаьIне хир дара, пайден а хир дара и дукхахдолу ахча, дахар дIанисделлачу баккхийчу нахана совгIаташна а ца хьежош, керла кхоллабеллачу доьзална дIалуш хилча. Уьш ма бу кхерч бан безарш а, чохь оьшург эца дезарш а", - дерзийра цо.

  • Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, ГIебарта -Балкхаройчоь а коьртехь йу 2024-чу шарахь уггар а лакхара ипотека долчу регионийн антирейтингехь. Пачхьалкхан мехкашна йукъахь Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а 1,5 лакхара бу и барам.
  • Дагестан, ГIебарта -Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь и Кхарачой-Чергазийчоь нисйелира алапийн динамикехула хIоттийначу рейтинган чакхенехь. ТIаьхьарчу меттигашкхаь йу ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а: цигахь гайтам хаъал лахара бу луларчу мехкашкахьачул а.
  • Нохчийчохь, доьзалийн къестар кхузза алсам даьлла: кху шеран чиллан-беттан тӀаьххьарчу хаамашца, республикехь керла 312 доьзал кхоллабелла, амма оццу хенахь 965 доьзал къаьстина. Нохчийчохь, доьзалш бохар, терахь иштта алсам далар - чIогIа ладаме ду. Цуьнца цхьаьна меттигерчу Ӏедалша кест-кеста дIахьедо, шаьш йукъахь "маслаӀат дина" доьзалш эзарнашкахь бу бохуш. Редакцин корреспонденташа адвокаташца а, социологашца а, захалонаш доьхна меттигерчу бахархошца а дийцаре дира федералан статистикан а, нохчийн хьаькамаша далочу терахьан башхалех а, доьзалш бохаран бахьанех а.