Кхо шо кхочуш ду Нохчийчохь шолгIа тIом дIаберзийна, аьлла, дIакхайкхийна.
Путин Владимир вен дагахь хилла, аьлла, Осмаев Адам дIалаца бакъо елла Москох Лефортово кхело.
Ставропол-кIоштIахь байина кегийра нах тIе богIучу (Стигалкъекъа, Май) баттахь Оьрсийчохь хир долчу даздаршкахь терроран тIелетарш кечдеш хилла, аьлла, дIахьедар дина ФСБ-н белхахоша.
Шайн республикехь адамаш лечкъор а, дайар а алсам даьлла, аьлла, латкъам бина ГIалгIайчурча Мехк-кхел ц1е йолчу вовшахтохаралло.